Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала дахара, цигара Делан деза тІорказ схьадан. Цу тІорказца йоьзна цхьа леррина цІе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг. Деза тІорказ, гун тІехь лаьттачу Абинадабан цІа чуьра схьа а эцна, керлачу гІудалкхана тІе охьа а хІоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кІентий Іузий, Ахьъюй и гІудалкх лелош вара. Абинадабан цІа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тІорказ гІудалкхана тІедиллира. Цу гІудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара. Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, горгалешца а, негІарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара. Нахонан хьаьтта кхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тІорказна тІе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тІорказна уллохь велира. ТІаккха Дауд чІогІа оьгІазвахара, Везачу Эло Іузина тохар бахьана долуш. И меттиг хІинца а «Парас Іуза» олуш ю (иза «Іузина таІзар дар» бохург ду). Цу дийнахь Дауд чІогІа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тІорказ со волчу муха дахьар ду?» Даудана ца лиира Везачу Элан тІорказ ша волчу, Даудан гІала, дІадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Іабади-Эдоман цІа дІадаьхьира. Деза тІорказ гатихо волчу Іабади-Эдоман цІахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Іабади-Эдом а, цуьнан дерриг цІа а декъалдира. Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тІедоьрзуш дара, ткъа цигара Іепрон-лома тІерачу гІаланаш тІе доьдура. Юха БаІала-гІалина тІедоьрзура иза (тахана цу гІалин цІе Кхиръят-ЯІарим ю). Кхиръят-БаІал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯІарим), Рабба – ши гІала шайн ярташца. Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а.
Выбор основного перевода