Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Кхиръят-ЯІарим цІе йолчу гІала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПІелаштамхоша Везачу Элан тІорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дІахьо», – аьлла. Кхиръят-ЯІарим-гІаларчу бахархоша Везачу Элан деза тІорказ, схьа а эцна, гуна тІехь лаьтташ долчу Абинадабан цІа чу схьадеара. Цул тІаьхьа цуьнан кІант ЭлиІазар Везачу Элан тІорказна дола дан къобалвира. Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тІемалой шена тІекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. Везачу Элан тІорказ ша кечйинчу метте дІадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда.
Выбор основного перевода