Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. Левихой долчу аша дуьххьара Делан тІорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чІогІа оьгІазвахара. И гІуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах». Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, левихоша Делан тІорказ шайн белшашна тІедехкинчу хьокхашца дІадаьхьира.
Выбор основного перевода