Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. Иштта, левихойн долахь гІаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина. ГІаланашна гонахара, аша левихошна дІадала деза дежийлаш, гІаланийн пенашна тІера дІадуьстича, массо а агІор цхьацца эзар дол хила деза. ГІаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дІадуста, ткъа гІаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гІаланашна гонах долу дежийлаш. ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“».
Выбор основного перевода