Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гІаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду». Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дІа а гІур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дІа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цІе!» Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дІататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна. Аса лелочу дерриге а зуламех кІелхьарваккхахьа со. Емалвайта сонтачеран кара дІа ма лохьа со. Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.
Выбор основного перевода