Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іелин кІентий чІогІа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора, Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чІогІа доккха къа латийнера, хІунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагІа даккхарх ца вешийла гойтура. Іела чІогІа къена вара. Цунна хезаш дара шен кІенташа массо а исраилхошка хІоттош дерг а, уьш Везачу Элан деза четар лаьттачу кертахь гІуллакх деш болчу зударшца лела бохуш дерг а. Цо цаьрга элира: «ХІунда лелабо аша и болх? Массо а нахера суна шух лаьцна вониг хеза. Сан бераш, суна шух лаьцна хезаш дерг вон хабар ду. Везачу Элан лаамехь долчу халкъо шух лаьцна вониг дуьйцу. Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хІотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тІе мила хІуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугІура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела. ХІунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагІанийн дакъошна тІе когаш, Аса Сайн цІенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагІанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кІентий буза а беш, ахьа Со дІатеттина“». Цул тІаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цІа а, хьан ден цІа а массо а хенахь Сан бІаьргашна хьалха гІуллакх деш хир ду“. Амма хІинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цІе сийсаза йоккхуш верг юьхьІаьржачу а хІуттур ву. ТІейогІур ю Аса хьан массо а тІаьхье хІаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тІекхаччалц вехар вац. Исраилан мохк толуш дІагІур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац. Сайн кхерчан уллора массо а дІавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бІаьргаш бІарздаллалц, цуьнан гІора дІадаллалц. Хьан мел йолу тІаьхье гІеметтахІоьттинчу хенахь лийр ю. Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тІекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кІант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. Аса Сайна тешаме динан да дІахІоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гІуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гІуллакх а дийр ду. Хьан цІийнах мел виснарг цунна корта тоха вогІур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“». Шен цІа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтІахь хила а, нах лара а Іамо деза.
Выбор основного перевода