6
Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чІагІо йо ас: хьо цІена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хІума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц. Амма пІелаштамхойн элашна хьо дика ца хета.