Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Цу заманчохь пІелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тІом бан. Ахаша Дауде элира: «ДІахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гІовтта безийла». Дауда Ахаше элира: «ХІинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хІун далур ду». Ахаша Дауде элира: «ТІаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».
Выбор основного перевода