Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эццахь пІелаштамхошна гІуллакх деш цаьрца цхьаьна хилла болу Іебархой Шаулаций, ЯхІунатиций хиллачу исраилхойх дІакхетта. Ахаша цунна ЦакхелагІ олуш йолу гІала елира. Цундела ЦакхелагІ таханлера де тІекхаччалц а яхІудхойн паччахьийн карахь йисина. КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера. Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пІелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тІом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пІелаштамхошна гІо ца дина, хІунда аьлча пІелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дІавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».)
Выбор основного перевода