Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой Эрзан хІорда тІера дІабигира Мусас. Шур цІе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дІаоьхуш, хи ца карадора царна. Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тІаме бевлира Іамалекхахой. Дуьсуш хІара латтанаш ду: ПІелаштаман а, Гешуран а ши мохк. Амма исраилхоша Гешур а, МаІха а мехкашкара бахархой дІа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Іаш бу уьш. Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Іуьллучу Шур-гІалин йистошка кхаччалц эшийра Іамалекхахой. Церан паччахь АгІаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хІаллакдира.
Выбор основного перевода