Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш. Шаула кхенахошна тІе хабар дахьийтира: «Іамалекхахойх дІакхеттачуьра дІакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогІучу хенахь Исраилан халкъана гІо дина». Кхенахой Іамалекхахошна юкъара дІакъаьстира. Шаул ломан цхьана агІонгахула дІавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агІор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара. Рахал-гІала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гІаланашка а, Хьацранина бина кІентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб. Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кІентий бара: хьалхарниг Рам, цул тІаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхІу.
Выбор основного перевода