АбигІал, сихонца кеч а елла, вирана тІехиира. Цунна тІаьхьахІоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дІа а яхана, цуьнан зуда хилла дІахІоьттира иза.
ИзраІал-юьртара АхьнуІмат а дІайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира.
КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера.
Дауд а, цуьнца хилларш а гІала схьакхаьчча, царна гира цІарца ягийна Іуьллуш йолу гІала, ткъа кхеран зударий а, кІентий а, йоІарий а йийсаре дІабигнера.