Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха». ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха». ХІунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Іаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо. Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло. Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо.
Выбор основного перевода