Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву. Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КІант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КІант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса ву. Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со.
Выбор основного перевода