Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Іийсах тешаш болчеран тобанна а, Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу. Иза бахьана долуш, и ерриге а гІишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цІа цунах хьала а хІоттош. Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама. Шен цІа лело а ларош воцург лелар вуй те Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гІайгІа беш? Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХІунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Іийсах тешаш болчеран, КІелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь.
Выбор основного перевода