Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. ВорхІ дийнахь шун чохь бод совсо хІума хила мегар дац. Совсийначу бедах хІума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тІевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу.
Выбор основного перевода