Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
МостагІчунна дуьхьалвала Іесаниг къобалвехьа, цуьнан аьтту агІор бехкевийриг дІахІоттавехьа. Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТІаккха дахаран гІуллакхашна тІехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю. Ишттачех бу ХІуьманай а, Искандар а. Іеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дІабелла. Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогІмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода