Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо цаьрга а ла ца догІахь, динан гуламе дІадийца. Цо цаьрга а ла ца догІахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кІира даьккхира оха цаьрца. Цул тІаьхьа тхо Рим-гІала даьхкира. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Шуна эхь хетийтархьама боху ас хІара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь? Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тІехь кхел йойту аша!
Выбор основного перевода