Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тІаьхьа дерриге а халкъо царна тІулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу».
Выбор основного перевода