ХІунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хІумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бІаьрзе а, дерзина а хиларх!
Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама!