Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Яхьъяс жоп делира: «Адамо хІумма а шена тІелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. ХІунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогІу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а. Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха.
Выбор основного перевода