Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хІунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу. ХІу дІадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Іалашо ю. ХІоранна а, динчу гІуллакхе хьаьжжина, цунна доггІург дІалур ду. ХІунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.
Выбор основного перевода