Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
И цІа доха а дина, цуьнан тІулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхисса еза. Везачу Элан неІалт ду Іесачун цІенна тІехь, амма бакъахьа лелачеран цІа Цо декъалдо. Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хІаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тІехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цІий Іенор а дац хедаш. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду. «Декъаза ву хьарамлонца шена хІума гулдийриг, шена цІа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кІелхьарваккхархьама!» Ахь дагалаьцначу хІуманаша хьан цІийнан сий дайина. Дукха халкъаш хІаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь. Пенашна юкъарчу тІулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода