Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхІудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дІаязде. Юши-ЯхІу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дІаязбе. «Хьарчийна керла тептар схьа а эций, цу тІе яхІудхойн паччахьо ЯхІу-Якхама дагийначу тептар тІехь хилла долу дешнаш дІаязде. ТІаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара. Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агІонна тІехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.
Выбор основного перевода