Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац. Къола ма де. Цундела хІокху лаьттах Везачу Элан оьгІазлонан цІе яьлла, Цо хІокху тептар тІе яздинчу бертан дерриг а неІалташ царна тІе хьажийна. Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». «Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду». Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХІун деш къола до оха?“ – хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа Суна цадаларца а, Суна догІу сагІанаш цадахарца а до. Хьуна тІехь, дерриг а халкъ, неІалт ду, хІунда аьлча аша Суна къола до.
Выбор основного перевода