Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хІунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац. Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву. Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тІера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, – боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода