Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаІе элира: Юха исраилхойн Везачу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйира ЮшаІа Іейбал-лам тІехь. Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тІе-ма-диллара, товрат-хьехам тІехь болчу шен тептар тІехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гІирсаца кегдазчу тІулгех йина а йолуш. Цу тІехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. Мусан товрат-хьехамна тІера дешнаш яздира ЮшаІа цу тІулгаш тІехь исраилхошна хьалха.
Выбор основного перевода