Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайн дола даккха тІедуьгучу лаьтта тІе шу далийча, Герзим-лам тІера декъалдаран дешнаш дІаала, ткъа Іейбал-лам тІера неІалт кхайкхоран дешнаш дІаала. Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна шина агІор динан дай болчу, тІорказ лелочу левихошна дуьхьал дІахІиттира. Царна юкъахь тІебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Іейбал-ломана дуьхьал дІахІоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тІе-ма-диллара. Юха ЮшаІа дІадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неІалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тІехь иза яздина ма-хиллара. Дерриге а Мусас тІедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаІа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Іаш болу тІебаьхкина нах а бара.
Выбор основного перевода