Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хІуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТІаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. Юххе а даьхкина, шу ломан кІажехь севцира. Ткъа и лам стигала дІакхаччалц цІе яьлла богура. Цигахь Іаьржа бода а, юькъа мархаш а яра. Цо хІаваэрачу Іаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира. Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гІантана бух хилла дІахІоьттинарг. Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш. ТІаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тІе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тІехула стелаІад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цІерах богу бІогІамаш санна, бара.
Выбор основного перевода