Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Сqac*ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гІуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш. ХІунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дІа а ца туьйсу. qac Тqac*ешаменаш абаденналц Іалашбийр бу, ткъа Іесачеран тІаьхье дІаэккхор ю. qac Шqac*а везаш берш Іалашбо Везачу Эло, ткъа харцо лелораш массо а хІаллакбо. Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Іалашдо. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна. ТІаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Іабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Іибадат а ца дина, шайн догІмаш цІерга тесна болу хІорш кІелхьарбаьхна Цо. Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТІаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву. Вон а ца дезаш, дика дезийша, меттахІоттадейша дов хаттар. ТІаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала Юсупан цІийнах бисинчех. Кипа меттавеача, цо элира: «ХІинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХІародан куьйгех а, жуьгташна луучу таІзарх а со кІелхьарваьккхинийла». Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.
Выбор основного перевода