Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тІехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь». Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е! Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тІехула йолчу Шен Іаршана тІехь хиъна Іаш ву: дегадойла латта! Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Выбор основного перевода