Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесанаш дукха хІунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш? ХІунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догІу ялта санна, маргІал а лур бу. Ткъа зуламенаш берриш а хІаллакбийр бу. Іесачеран тІаьхье хІаллакйийр ю. Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. Амма дукхачу Іоврийн гІовгІанал чІогІа бу, хІордийн тулгІенийн гІовгІанал чІогІа бу лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ. Цара шайн кура хабарш дуьйцу. Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу. Схьаяккхале якъалуш йолу тхов тІера буц санна хуьлда уьш. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу?
Выбор основного перевода