Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гІуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара! Ма дукха ду-кх, Веза Эла, Ахьа кхоьллинарг! Массо а хІума хьекъалаллица кхоьллина Ахьа. Дерриг а дуьне Ахь кхоьллинчух хьаладуьзна ду. qac Вqac*езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду! ГІуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду. Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш, мел дукха а ю-кха уьш! Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла! Кхин а цхьа эзар дол дІаюьстира цо, амма хІинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хІунда аьлча хи чІогІа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кІорга дара и хи. ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!
Выбор основного перевода