Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ, бугІанан маІашкахь болу ницкъ а болуш. Ша доІа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кІелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагІех йоьлу. Сан мостагІашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тІех буьзна бу. Іесачеран ницкъ Цо дІабоккхур бу, амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чІагІбийр бу. ХІунда аьлча Хьо церан ницкъ а, сийлалла а ву, Хьо дика хиларна, Ахь тхуна толамаш а ло.
Выбор основного перевода