Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан гергарнаш суна уллора Цо дІабаьхна, со вевзарш а сох къехка. Сан доттагІашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла. Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара. Сан мостагІий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тІехдетта суна, со вевзаш берш а дІакъехка сох. Урамехь со гинарш а дІабовду сох. Сан доттагІий а, накъостий а сан даьІнех дІабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли. Со аьтту агІор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тІетевжийла дІаяьлла, сан синан гІайгІа беш цхьа а вац. Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхІу-пайхамар яхІудхойн паччахьан цІахь йолчу гІаролхойн кертахь чувоьллина вара. qac Вqac*езачу Эло буржалш тоьхна суна, кІелхьар ца валийта го бина суна.
Выбор основного перевода