Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац. Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгІазвахханчохь Хьайн лай дІа ма таттахьа. Хьо сан гІоьнча вара. ДІа а ма таттахьа, дІа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КІелхьарвоккхург! Со кІелхьарвоккху Дела, цхьаннан цІий Іанорах ларвелахь со, тІаккха ас Хьан нийсо хастор ю. Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза?
Выбор основного перевода