Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дог чІогІа Далла тІетевжаш хила деза, Цуьнга дІакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а. ГІайгІанехь хиларна сан бІаьргаш гІелделла. МостагІий бахьанехь уьш телхина догІу. Сан доІанаш дІахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цІийне ас куьйгаш ойучу хенахь. Веза Эла, сох къинхетам бехьа, хІунда аьлча ву-кх со готтехь. Сингаттаме со хиларна, худабелла сан бІаьргаш а, сан са а, сан кийра а. Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас. Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.
Выбор основного перевода