Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас, хьуна хьалхара халкъаш дІа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тІе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогІуш волчу хенахь. Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дІахІотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза. Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах. Маца дІавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Іибадат дан? Цо кІадвеллачунна ницкъ а ло, хІоьттинчунна гІора а ло. Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тІемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хІуттур бац, новкъа дІабахача а, уьш кІадлур бац. Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.
Выбор основного перевода