Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца мукъана а ладогІахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгІазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогІу сагІа дІаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгІазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неІалт хилла дІахІуьттийла уьш, хІунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тІера хьала а гІаттийна, олуш ду: „Ваха а гІой, хийрачу къаьмнийн деланашна Іамал е“, – аьлла. Сайн бІаьргашкахь со кхин а кІезиг хилла дІахІуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гІарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна». Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гІирсаш тІехь гІуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гІирс леррина Веза Эла хасто бина бу».
Выбор основного перевода