Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун. qac Мqac*а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хІунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хІуманан тоам хир бу. qac Нqac*аггахь ур-атталла лоьман кІорнеш а, яа хІума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац. Везачу Элера ду тхан турс, Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь. Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву. Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ. Хьан малх цкъа а дІабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду. Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тІехула нийсо тІейоуьйту малх гІоттур бу, цуьнан зІаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тІоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хІумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», – элира цара. Делан сийлалла яра цу гІалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тІулгах а, чекх са гуш долчу цІеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар. Оцу гІалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хІунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Іахар а цуьнан къуьда бу.
Выбор основного перевода