Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш. Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. Цара элира Мусага: «Мисарахь дІадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХІара хІун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? ХІара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гІоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул». Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза». Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина. Аса пирІунна тІехь а, цуьнан гІудалкхашна тІехь а, цуьнан дошлойшна тІехь а Сайн сийлалла гайтича, тІаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла». Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра. Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тІера Ашуран беза мохь дІабоккхур бу. Хьан вортанна тІера дукъ дІадаьккхина хир ду – хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду.
Выбор основного перевода