Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. «ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». «ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дІахІоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маІийн деза де хир ду шуна.
Выбор основного перевода