Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хІокху бертан тІедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хІаллакьхир ду дерриг а халкъ. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан! Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догІмаш бехдира. Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера.
Выбор основного перевода