Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь. Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тІаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чІерашна тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге а лаьтта тІера дийнаташна тІехь а». Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тІехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хІорда чохь мел долу чІерий а. Шун кара дІаделла Ас и дерриге а. ХІунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хІума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хІума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хІума дуйла. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта.
Выбор основного перевода