Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахьа боху: „ХІун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“ Нахаца леларг бода тІебаре хьоьжу, цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“, шен юьхь а цо туьтмІаьжигаца дІакъовлу. Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дІа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг». Курачара суна гураш а, речІанаш а хІиттийна, новкъа тІе бой а тесна цара, со лаца хІуманаш охьаехкина. Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гІайгІанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тІера дІа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кІелхьардаха тарлуш хилахь а.
Выбор основного перевода