Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. ДІадоьду хи санна, уьш тІепаза дІабойийла. Шайн Іад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла. Харцдерг дуьйцу церан меттанаша. Тарраш санна, ду уьш. «Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара. ТІемалочун ирачу пхарца а, жІоламах богуш болчу кІегаца а Цо таІзар дийр ду шуна. «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода