Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха бозбунчаша пирІуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чІагІделла Іачу пирІуно цаьрга ла ца дуьйгІира, Везачу Эло ма-аллара. Паччахьан сацам дІакхаьчначу хІора меттехь а, хІора гІалахь а адам чІогІа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дІа а хІиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хІунда аьлча уьш жуьгтех чІогІа кхерабеллера. (КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.) Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахІиттийна, ткъа вай хІинца, Цийон-лам тІе а дахана, дІадийца деза вайн Везачу Дала динарг».
Выбор основного перевода