Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Сох лаьцна аьлча, со догцІена хиларна со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а Хьайна уллохь дІахІоттаво Ахь. Цо, стигалара гІо а даийтина, со кІелхьарвоккхур ву, со лаца гІерташ берш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.
Выбор основного перевода