Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со. Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со, Цо тарха тІе а воккхур ма ву со. Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо. Дела дага а оьхуш, ас узарш до. Ойланаш а еш, сан са доьхна ду. иштта волу стаг лакхенашкахь Іаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гІап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза.
Выбор основного перевода