Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хІума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах. Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со, йоІбІаьрг санна, ларвехьа со Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тІаккха Везачу Элан цІа чохь сайн тІейогІу хан чекхйоккхур ю ас. Мел чІогІа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тІемийн ІиндагІехь адамаша шаьш лардойту. Суна гІо а Хьоьгара ду, Хьан тІемийн ІиндагІехь со воккхавеш хир ву. Шен тІемашца дІахьулвина, Цо Іалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.
Выбор основного перевода